Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан декъашхоша халахетарца кадам бо нохчийн халкъан йаздархо, поэт, драматург Мамакаев Эду-Хьаьжа кхалхарца доьзна.
Эду-Хьаьжа похIме, дика йаздархо а, оьзда адам а дара. Цо нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йазйора говзарш.
Иттех книгин автор вара Мамакаев Эду-Хьаьжа. Царах йу: «Берашший, малххий» (1979), «Гуьйренан догIа» (1987), «Бераш-кераш схьагулло» (2009), «Даймохк-нана» (2012), оьрсийн маттахь «Солнце − птица, не спеши садиться (1982), «Мама золотая» (2009).
Царалахь шатайпана хIоттийна книга йу «Даймохк-нана». Иза 624 агIонах лаьтташ йолу йоккха книга йу, шена тIехь хаьржина гулйина поэзин а, прозин а, публицистикин а, драматургин а произведенеш йолу.
Мамакаев Эду-Хьаьжин дуккха а байташ иллешка йирзина. Царах цхьаъ йу "Даймохк-Нана" цlе йолу байт, гlараваьллачу иллиалархочо Токаев Сулимана дlаолуш йолу.
Доттагlашна а, накъосташна а шегара гlо эшначохь, ша-шен ца кхоош, массарна а чу садиллина къонах вара Эду-Хьаьжа! Дикачу ден дика кIант а, дикачу доьзалан дика да а, вайн нохчийн къоман синкхетаман дика верас а вара Мамакаев Эду-Хьаьжа!
Дала гечдойла цунна, Дала ийманца собар лойла цу халахетаран дакъа мел кхочучунна.
НР-н Йаздархойн союзан председатель
Ельсаев lаламахьад.
2025 шеран 10 январь.