"Даймохк, хьо ду сан илли!" - аьлла, эпиграф а йолуш, Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIайаьхьира вевзаш волу поэт Юсупов Iаьзим дагалацаран суьйре.
Цхьаьнакхетар дIахьош волчу Болотбиев ХIарона билгал ма-даккхара, цигахь дакъалоцуш бара Йаздархойн Союзан векалш, журналисташ, артисташ, Iилманчаш, студенташ, Iаьзиман кхолларалла йезарш а, цуьнца уьйр-гергарлонаш мел лелийнарш а. Юсупов Iаьзим дуьненчу ваьлла 85 шо кхочу терахь дара суьйре дIайахьа билгалдинарг.
ХIора а шен рогIехь вистхуьлуш, гулбеллачара коьрта тидам тIебохуьйтура Iаьзим шен мехкан а, халкъан а хьакъволу воI хилла хилар а, цо шен дерриге а иллеш хьомсарчу Нохчийчоьнна а, шен къоман хазчу амалшна, гIиллакхашна лерина хилар а.
Иштта билгалдаьккхира, Iаьзим кIеда-мерза амал йолуш, собаре, гIиллакхе адам дара аьлла.
Нохчийн вевзачу Iилманчас, поэтан йуьртахочо Бугаев Iабдуллас цхьаьнакхетаре баьхкинчарна баркалла а олуш, поэтан, мохкталлархочун Юсупов Iаьзиман дахарх а, кхолларех а дуккха а керла хIума довзийтира.
Арахь лаьттарг Iаьнан чилла йелахь а, догдикаллин йовхонан хьу йара цхьаьнакхетар шатайпа дийриг - байташ а йоьшуш, иллеш-эшарш локхуш, оьздачу, даггарчу дашца поэт дага а лоцуш, йирзира суьйре.
2025 шеран 22 февраль