Назад к списку

«Нохчийн халкъан иллийн эпитетийн дошам»

Нохчийн меттан шарахь вайн Йаздархойн союзо бина болх тӀебузуш, нохчийн маттахь кхин цхьа жайна а арадаьлла хӀокху деношкахь – иза йу Союзан правленин декъашхочо Ахматукаев Адама хӀоттийна «Нохчийн халкъан иллийн эпитетийн дошам». Нохчийн Республикин Мехк-Дас вовшахтоьхначу Нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташонан белхан тобано мах хадийна, зорбанна магийна, арахецна и болх.


Нохчийн меттан институтан лаккхарчу Ӏилманан белхахочун Халикова Асетан рецензи тӀехь билгал ма-даккхара, Ахматукаев Адама хӀоттийна «Нохчийн халкъан иллийн эпитетийн дошам» Ӏаламат мехала болх бу. Нохчийн литературин Ӏилманехь дуьххьара хӀоттийна эпитетийн дошам йу иза. Оццул вайн меттан исбаьхьалла гойтуш йолу и мехала агӀо билгалйоккхуш, и тайпа дошам хӀинццалц схьа хӀоттийна цахиларан кхачамбацар а дӀадоккху оцу балхо. И дошам хӀоттош, Ахматукаев Адама 172 илли теллина, 1000 гергга дошаман статья а йалош. Дошамо чулоцу 5000 гергга эпитет а, 4000 сов цитата а.


Дошаман дӀахӀоттам а, чулацам а бу шатайпа, шеца болх бан атта хир долуш – муьлхха а дош лаха а, и далийнчу текстан оригинал карайан а таро хуьлучу кепара хӀоттийна. Ткъа Дошаман чаккхенехь далийна нохчийн иллешкара ширачу, дицлуш лаьттачу дешнийн маьӀнаш. И дешнаш билгалдахар а, царах нийса кхетам балар а мехала хӀума ду.


Шеко йоццуш, Ахматукаев Адама хӀоттийна «Нохчийн халкъан иллийн эпитетийн дошам» пайдехь хир йу нохчийн фольклор толлучу Ӏилманчашна а, студенташна а, ткъа иштта йаздархошна а, ишколашкарчу хьехархошна а, дешархошна а, дуккха а кхечарна а.

2023 шеран 7 декабрь.

Йаздархойн союзан пресс-служба.