Назад к списку

Айдамиров Абузаран презентаци

Тахана Кадырова Хадижас дакъалецира Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан йаздархочун, нохчийн литературин классикан Айдамиров Абузаран сочиненийн 8 томах латта йуьззина гулар арайаларан хьокъехьйолу презентацехь.


Нохчийн культура кхиорехь, когахIотторехь Iаламат йоккха, мехала хазна йукъайиллина ву гIараваьлла литератор, йаздархо, гочдархо Айдамиров Абузар.


ДIайаьхьначу мероприятехь А.Айдамировн «Нохчийн литература кхиорехь гIо дарна» юбилейни мидалца совгIат дира Рамзанан Хадижина. Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) цIарахчу Регионан йукъараллин фондан цIарах ахчанца совгIаташдира Абузаран йоIаршна а.

2024 шеран 31 май.

Нохчийн Республикан яздархой союзан пресс-служба.