Нохчийн Республикин йаздархойн Бартан председателе
Ельсаев Iабдул-Хьамидан Iаламахьаде.
Баркаллин кехат
Лараме Iаламахьад!
Дела реза хуьлийла хьуна а, Айдамиров Абузаран хIара жайнаш арахоьцуш къахьегначарна массарна а!Бурчаев Хьаьлам, хьуна а Дела реза хуьлда йаздархойн Бартана со вовзийтарна.Сайн дахарехь иштта деза а, мехала а совгIат хилла дац суна. Кхечу меттанашкахь йаздина дукха йозанаш дешна ас, амма вайн маттахь санна синкIоме, дог Iабош цхьа а йоза хилла дац суна йа хир а дац.Дала вайн мотт а, ламасташ а Iалашдан, уьш дендан а могашалла, хьуьнар а лойла шуна! Амин!
Эдин некъейн Бакиран Iабдул-Хьамийд.Иордане.
Хьаьттан бутт. 2024-гIа шо.