Назад к списку

Дагалецамийн суьйре

Мехкан дас «Нохчийн меттан шо» аьлла, кхайкхина долу 2023 шо дерзош, гIура-беттан 19-чу дийнахь ТIехьа-Мартан йуьртан йукъерчу библиотекан белхалоша кечйина «Халкъан сийлахьа къонаха, йаздархо» аьлла дагалецамийн суьйре дIайаьхьира Оьздангаллин цIийнан залехь. Суьйре сийлахьчу поэтан, йаздархочун, публицистан, нохчийн литературехь йоккха хазна йитинчу Мамакаев Мохьмадан кхоллараллийна лерина йара.


Цхьанакхетаре кхайкхорна дукха беза хьеший бера, махкахь а, махкалла арахьа а бевзаш-безаш болу поэташ, йаздархой, Iилманан белхалой, телевиденин а, зорбанан а векалш. Хазахетраца тIеийцира: Мамакаев Эдуард, Борхаджиев Хожабауди, Тугузов Асланбек, Гайрханов Мовла, Арсалиева Люба, Эдаев Муса – нохчийн республикан яздархойн Союзан декъашхой, «Вести республики» газетан корреспондент Абалаева Малика, иштта Мамакаев Мохьмадан гергара нах.


Программа дIайаьхьира йуьртан берийн библиотекан белхалочо Укаев Iисас. Мамакаевн дахарах а, кхоллараллех а дуьйцуш, дешархоша цуьнан байташ йоьшуш, оьздангаллин ЦIийнан иллиалархоша иллеш а олуш дIайаьхьира литературни суьйре. Цу цхьанакхетарна библиотеко кечйина Мамакаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна выставка йара, йаздархочун говзарш, цунах статьяш, зорбанехь арайевлла йолу сборникаш а йолуш тIехь. Программин йуккъехь йара кечйина роликаш, ТIехьа-МартантIехь, поэт ваьхначу хIусмехь кхоьллинчу цуьнан цIарах йолчу музейх лаьцна презентаци а. Цхьанакхетар кечдеш доккха гIо лецира Мамакаев Асланбека а – Мохьмадан вешин кIанта, иштта байташ йоьшуш, музейх лаьцна дуьйцуш а бара Мамакаев Рамзан, Мамакаева Элиза а.


Къаьсстина хьовсархошна тайнера Кокураев Турпала, Мамакаев Рамзана, Мамакаева Элизас, Хатуев ИбрахIима йоьшу байташ: «Даймехкан косташ», «ТIулгаша а дуьйцу», «Нана», «Даймахке» иштта кхийерш а. Божарийн тобано самукъадаьккхира хьовсархойн шайн зевнечу аьзнашца, Мамакаевн дешнашна тIехь даьхначу иллешца: Мусаев Iумара, Асаев ИсмаIала, Амирханов Мурада, Сухаев Асланбека, Сайдуев Руслана. Суьйрене бахькинчу Йаздархойн Союзан декъашхоша хаза, чулацаме дийцира Мохьмадах, цуьнан дахаран некъах, библиотекана совгIаташ а дира, шайн керла арадевлла жайнаш а луш.

2023 шеран 20 декабрь.

Йаздархойн союзан пресс-служба.