2022 шарахь Нохчийн Республикин йаздархойн Союзо арахийцира «Ирзера мукъам» цIе йолу книга. Цуьнан автор ву Россин йаздархойн Союзан декъашхо волу Джунаидов Аюб. Вай заманан къона тIаьхье кхиорехь доккхачу маьIне чулацам болу дийцарш, очеркаш, поэма а йу цу тIехь зорбатоьхна. БIешерашкахь вайн дайша доладеш, хIайкал санна, лоруш, лардинчу оьздачу гIиллакхех, ламастех дуьйцу авторо шен говзарш тIехь. Нохчийн токхе кхерч хилла йаьхначу ламанан кIотаршкахь бахархойн йукъаметтигаш, хьанала къинхьегам, мерза, оьзда забар йоккхачу говзаллица гайтина Аюба цу книгин агIонаш тIехь. «Шатайпа чулацам а, маьIна а долуш йу книгин цIе а, – бохуш йаздора нохчийн гIарайаьллачу йаздархочо, тоьллачу журналиста Газиева Азас «Ирзера мукъам» цIе йолчу книгех «Даймохк» газетехь зорбанехь арайаьккхинчу шен статья тIехь. – ХIор дийцар авторан шатайпа синан ирзу хилла го дешархочунна. Уггар хьалха вайна оьшург, кхин дIа ца тоьттуш, и книга ишколашкарчу дешархошна дIакхачор ду. Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, ламастийн беркат шен орамехь ма-хиллара довза йиш йу цу дийцарийн чулацамехь. Иштта ненан меттан хазалла, кIоргалла, гайтина ца Iаш, нохчийн къоман дахаран а, культурин а исбаьхьалла йовзуьйту Джунаидовс шен «Ирзера мукъам» книги тIехь».
Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Къоман библиотекехь книгин презентацехь дакъалецира Нохчийн Республикин Дешаран министр волчу Дааев Буарин Хожбаудис. Шен къамелехь цо билгалйехира оцу книгин мехала агIонаш, ишколашкахь къона тIаьхье Iаморехь и тептар доккхачу маьIне хирг хилар а билгалдира Дааевс.
Цуьнан къамел тIечIагIдеш, шен дош элира и гулам вовшахтоьхначу Нохчийн йаздархойн Союзан куьйгалхо, Нохчийн Республикин Парламентан депутат волчу Ельсаев Iаламада а, иштта цигахь дакъалоцуш хиллачу кхиболчу йаздархоша а, педагогаша а.
ХIетахь ша делла дош кхочушдеш, 2023 дешаран шо доладалале Дааевс шен Iуналлица зорбанехь ара а йаьккхина, Джунаидов Аюбан «Ирзера мукъам» цIе цолу йиъ эзар книга республикин массо а ишколашка дIакхачийна.Беркате хуьлийла и мехала гIулч.
2023 шеран 13 октябрь.
Нохчийн Республикин йаздархойн Союз.