ГIуран беттан 10-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIайаьхьира «Нохчийн вайзаманан литература кхиар» цIе йолу йиллина лекци. Лекци йоьшуш вара Нохчийн Республикин йаздархойн союзан куьйгалхо, йаздархо, журналист волу Ельсаев Iабдул-Хьамидан Iаламхьад. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира филологин, историн, бакъонан а институтан дешархоша а, хьехархоша а. Iаламхьада дийцира нохчийн литература кхоллайаларан хьелех а, цуьнан таханалерчу дийнахь кхиарх а лаьцна. Лекци дlайаьхьира «Нохчийн фольклор» проектан гурашкахь.
2024 шеран 10 декабрь.