Назад к списку

Кадам

Нохчийн Республикин Йаздархойн союзо халахетарца хаамбо нохчийн йаздархо Сулейманова Зайнап кхалхарх лаьцна. Зайнап вайн махкахь йевзаш йара дика поэт а, прозаик а санна. Къаьсттана бlаьрла кхиамаш бара цуьнан берашна йазйарехь. Зайнапан кегийчарна лерина йазйина байташ а, дийцарш а, туьйранаш а бераша дезаш тlеоьцура. Поэзин а, прозин а масех гуларан автор йу иза. Вайн халкъан тоьллачу йаздархойх цхьаъ волчу поэтан, этнографан, lилманчин Сулейманов Ахьмадан йоl йара Зайнап.


Везачу Дала гечдойла цунна! Цуьнан гергарчарна ийманца собар лойла Дала!

2024 шеран 25 март.

Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан председатель Ельсаев lаламахьад.