Нохчийн Респуликин йаздархойн союзан декъашхоша, йаздархойн союзан белхалоша халахетарца хаам бо халкъан йаздархо, гочдархо, публицист Арсанукаев Муса кхалхарх лаьцна. Мусах лаьцна ала дуккха а дика дешнаш ду. Нохчийн литература кхиош хьанал къахьегна ву иза дукха хенахь дуьйна. Доггах шен мотт а, къам а дезаш ваьхна. Цо нохчийн литература кхиош хьанал къахьегна.
Шена зеделларг къоначу йаздархошна дIакховдош, шегара гIо эшначунна цкъа а букъ ца гойтуш схьавеана Муса. Белхан накъосташна а, йаздархошна а шех дика тоьшалла дан онда меттиг битина цо. Боккха эшам бу тахана йаздархошна йуккъера иштта похIме а, оьзда а йаздархо дIакъастар. Дала собар лойла цуьнан дакъа мел кхаьчначунна! Дала гечдойла цунна!
2024 шеран 31 август.
НР-н йаздархойн Союзан председатель
Ельсаев Iаламахьад.