Тахана вина де ду вайн махкахь шуьйра вевзаш волу йаздархочун, журналистан, публицистан а Кагерманов Доккин. Шен дахарехь дуккха а вуонаш, баланаш гина ву Докка. ХIетте а дахарца а, кхолламца а мостагIалла доцуш, шен къомана пайде хила гIерташ къахьоьгуш ваьхна иза. Дозалла ду иштта кхетам а, хьикмат а долуш къаной хилар масала иэца дахаран зиерашка чекхвала.
Оха даггара декъалво Кагерманов Докка 91 шо кхачарца. Лераме Докка! Дала дукхавахавойла хьо! Дахарехь мел хилла вуо а диц деш диканиг лаьттийла хьан кертахь! Беркате хуьлда хьайн оьмарехь ахь хьегна къа!
2024 шеран 9-гIа июль.
Нохчийн Республикан яздархой союзан пресс-служба.