Айдамиров Iабдул-Хьаькаман кIант Абузар – гIараваьлла вевзаш волу нохчийн прозаик, поэт, историк, публицист, хьехархо, вина нохчийн ширачу йуьртахь Мескитахь. Нохчийн къам йамартчу Iедало махках даьккхинчу шерашкахь йуьртабахамехь а, библиотекехь а белхаш бина Абузара. Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийча, ша винчу йуьрта цIа а воьрзий, 1957-чу шарахь дуьйна 1987 шо кхаччалц хьехархочун а, ишколан директоран а белхаш бина Абузара.
Цуьнан кхоллараллин а, къинхьегаман а кхиамаш билгалбохуш, Iедалан а, йукъараллин а дуккха совгIаташ а делла, сийлаллин цIераш а техкина Абузарна. Царна йукъахь: Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан йаздархо (1978); СССР-н дешаран отличник; Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлаллин профессор (1993); Нохчийн Республикин Iилманийн академин сийлаллин академик (1993); РСФСР-н дешаран отличник (1997); Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан хьехархо. 1989-чу шарахь Айдамиров Абузар СССР халкъан депутат хоржу. 2003-2005-чу шерашкахь иза Нохчийн Республикин йаздархойн союзан куьйгаллехь вара.
Айдамиров Абузара йазйина романаш, повесташ, дийцарш, байташ, статьяш йоккха хазна йу нохчийн литературин а, культурин а. Шеко йоцуш, нохчийн къомо шех дозалла дан хьакъ волуш, шен халкъан сий айинчу нахах стаг хилла Абузар. Дала декъалвойла иза!
Нохчийн къоман и сийлахь кIант, воккха йаздархо, ойланча, хьехархо дуьнен тIе ваьлла 90 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре хир йу хIокху беттан 31-чу дийнахь А. Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин коьртачу библиотекехь. Суьйре дIайолалур йу 14-00 сахьт даьлча.
2023 шеран 29 октябрь.
Нохчийн Республикин йаздархойн Союз.