Назад к списку

Мамакаев Iарбин литературни суьйре

Тахана Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь дIайаьхьира сийлахьчу нохчийн поэтан Мамакаев Iарбин 105 шо кхачарна лерина литературни суьйре. Нохчийн Республикин Йаздархойн Союзо вовшахтоьхначу мероприяте баьхкинера нохчийн йаздархой, поэташ, журналисташ, культурин белхахой, поэтан кхолларалла йезарш.


Суьйре дIахьош волчу культурин белхахочо, йаздархочо Имаев Тапас Мамакаев Iарбин кхоллараллех а, цо нохчийн литература кхиорехь бинчу балхах а лаьцна дийцира. Цо дош ло поэтан кIантана Мамакаев Эдуардана. Шен да, цуьнан кхолларалла а лерина, кху цхьаьнакхетаре баьхкинчарна даггара баркалла элира Эдуарда.


Суьйренехь Мамакаев Iарбех а, цуьнан говзарех а лаьцна зала чохь болчу дуккха а наха къамел дира йаздархоша: Цуруев Шарипа, Арсанукаев Мусас, Яралиев Юсупа, Ирисханов Iимрана, Бексултанов Мусас кхечара а; культурин белхахоша: Токаев Сулеймана, Ясадов Мохьмада; хьехархоша: Бергаева Азас, Вагапова Асета.


Массара а билгалдаьккхира Мамакаев Iарбис нохчийн литература кхиийна хилар, шен доккхачу, беркатечу похIмица тIекхуьучу поэташна, йаздархошна тIеIаткъам бина хилар. Поэтан кхоллараллин мах хадош, цуьнан поэзин меттан исбаьхьаллех лаьцна чулацаме къамел дира Цуруев Шарипа. Суьйре йерзийра, дагалацамна суьрташ дохуш.

2023 шеран 7 декабрь.

Йаздархойн союзан пресс-служба.