Назад к списку

Нохчийн маттана лерина суьйре

Хууш ма-хиллара, 2023 шо – нохчийн меттан шо ду аьлла, дIакхайкхина Нохчийн Республикин Мехкдас Кадыров Рамзана. Цунна лерина дуккха а цхьаьнакхетарш, кхоллараллин суьйренаш, «горга столаш» дIайаьхьна вайн республикехь а, нохчий бехаш болчу кхечу регионашкахь а. Карарчу беттан 19-чу дийнахь Россин пачхьалкхан коьртачу шахьарахь – Москвахь хилира нохчийн матттана лерина мероприяти. Иза вовшахтоьхнарг йара Россин Президент волчохь йолу Нохчийн Республикин даимлера Векалалла. Цуьнан куьйгалхо ву Нохчийн Республикин правительствон председателан заместитель волу Таймасханов Бекхан.


Шен чулацамца, дIайахьарца вуно дика нисйелира и кхоллараллин суьйре. Цигахь дакъалоцуш бара Москвахь бехаш болу вайн махкахой – белхашкахь, Iилманехь, бизнесехь, кхоллараллехь дикачу кхиамашка кхаьчна нах. Цара дечу къамелашкахь билгалдолура уьш, шаьш миччахь хиларх а, нохчийн мотт, гIиллакх, культура лара а, ларйан а йахь йолуш нах хилар. Мероприятехь бара иштта Москвахь цхьацца институташкахь доьшуш болу нохчийн студенташ а. Баккхийчу хьешаша дечу къамелашца шайн рогIехь хийцалуш, декара нохчийн иллеш, эшарш, йоьшура байташ. Москвахь бехаш болчу нохчийн бераша уьш йоьшуш хилар къаьсттана шена тIе тидам бохуьйтуш ду. Кхетош-кхиоран декъехь доккха маьIна долуш хIума ду иза. Берашна йукъахь цхьаццамма шалха элпашца билгалдохуш долу цхьацца аьзнаш кхачам боллуш ца аьллехь а, мел хаза дара цара йокххачу шовкъаца, лаамца байташ йешар. Оцу берашна шайн дахарехь даим дагахь лаьттар ду оцу суьйренехь шаьш дакъалацар, ненан маттахь байташ а йоьшуш. Шайн къоман маттаца, чIагI а лой, дахарехь кхин ца хедаш лаьтта адамийн шайн къомаца, махкаца йолу уьйр-марзо.


Нехан самукъа алсамделира аьлла хета оцу суьйренехь шен хазачу забаршца, иллешца жигара дакъалоцуш вевзашволу артист Исламов Султан хиларна а.


Россин Президент волчохь йолу Нохчийн Республикин даимлерчу Векалалло кхайкхийна ма-хиллара, вайн Йаздархойн союзан председатело Ельсаев Iаламада билгалваьккхина Йаздархойн союзан цIарах со вара цигахь дакъалоцуш.


Дуккха а меттигашкахь маттаца, кхоллараллица йоьзначу мероприятешка кхайкхина хилла ву со, амма оцу кепара вайн республикал арахьа нохчийн маттана лерина мероприяти гина йац суна хIинццалц. Лаккхарчу вовшахтохараллин тIегIан тIехь йина хиларал сов, массо а агIор доккха маьIна долуш суьйре хилира цунах. Шен къоман сийлахьчу синмехаллийн дола далуш нах болчу къоман йа, кхечу дешнашца аьлча, къоман синкхетам кхиъначу халкъан билгало йу оцу кепара мероприятеш хилар. Чаккхенехь ала лаьа: дикачу гIуллакхашна а тIетовжийла йеза, уьш деба, кхиа бух беза. Дика гIуллакхаш дуьйцуш а, кхайкхош а хила деза, и гIуллакхаш диначу нехан цIераш а йохуш. Уггар хьалха оццу нехан дуьхьа дац иза. Нахана йукъахь дикадерг алсамдалийта, дебийта Iалашонца хила дезаш ду и. Цундела вайн массо а йаздархойн цIарах баркалла ала лаьа суьйре дIайаьхьначу Аутаев Сулейман-Хьаьжина. Иза – воккха Iеламстаг, йукъараллин дахаран жигархо, Россин йаздархойн союзан декъашхо, поэт, шен къомах дог лозуш, оьзда стаг ву, вайна массарна а хууш ма-хиллара. Цо дуккха а беркате гIуллакхаш до нохчийн литература а, мотт а ларбарехь а, кхиорехь а. Дала аьтто бойла цуьнан, нохчийн меттан а, нохчаллин а навкъостий болчеран массеран а. Амин!


Цуруев Шарип.

2023 шеран 23 октябрь.