ХIокху деношкахь зорбанера арайаьлла поэтан, прозаикан, публицистан Пашаев Нурдин «Синхаамаша дендина иэс» цIе йолу книга.
Пашаев Нурдин рогIерчу гуларна йукъайахна цуьнан керла байташ, гочдарш, биъмогIанаш, дийцарш, дагалецамаш а. Цу гуларна дешхьалхе йазйина Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналисто Газиева Азас. Нурдин къигхьегаман некъах лаьцна иштта аьлла цо: «Пашаев Нурди цкъа а сецна вац къахьоьгучуьра. Мехкан бахамашкахь, прозехь, шена тIехь а хаддаза болх беш ву иза. Цундела дека цо йаздина хIор а дош, эчигах йаьккхина гериг санна, нуьцкъала. Де-буьйса ца лоьруш, даим кхоллараллин лехамехь ву поэт Пашаев Нурди».
Оха даггара декъалво Нурди цуьнан керла гулар арайаларца. Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан!
2023 шеран 7 декабрь.
Йаздархойн союзан пресс-служба.