Назад к списку

Говзаллин школа

ХIокху беттан 23-26-чуй деношкахь БуритIе гIалахь дIайаьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округан Къоначу йаздархойн говзаллин школа. Иштта школаш Филатовн цIарахчу социальни-экономикин а, интеллектуальни а программийн фондо хIора шарахь дIахьо мехкан йерриге федеральни округашкахь. Форумехь дакъалоцуш хиллачу Къилбаседа Кавказерчу 26 къоначу йаздархошна йукъахь Нохчийн Республикера 5 автор а вара: Салаханов Адам, Муртазов Iадлан, Исраилова Луиза, Хадчукаев Руслан, Хурцаев Турпал. Поэзехула а, прозехула а йолу мастер-классаш дIахьош йара «Нева» литературин журналан коьрта редактор, йаздархо Гранцева Наталья. Иштта форуман гурашкахь хилира пайде тренингаш, къоначу йаздархошна лерина маьрша микрофон, «Хала дуй-те йаздархо хила, хIун оьшу цунна?» темина горга стол, Куртатин чIоже экскурси а. Говзанчаша къона авторш кхайкхира исбаьхьаллин литературал сов, пайде литература а алсам йешаре. Мероприятин вовшахтохархоша а, дакъалацархоша а билгалдоккху Къоначу йаздархойн говзаллин школа – иза озабезаме йоцчу критике ладогIа а, кхузаманан литературин проблемаш а, уьш дIайахаран некъаш а дийцаре дан а, вовшийн довза а дика аьтто хилар. Школин жамIашкахула мастер-классийн куьйгалхоша XXII-чу Россин а, дозанал дехьенан а къоначу йаздархойн форумехь дакъалаца къастийра прозаикех - нохчийн автор Салаханов Адам, поэтех - Дагестанера Зубаирова Индира.

Муртазов Iадлан