Назад к списку

Нохчийн зудчунна лерина дезде

ХIора шарахь тов-бецан (сентябрь) беттан кхоалгIачу кIирандийнахь Нохчийн Республикехь даздеш ду Нохчийн зудчун де. И дезде 2009-чу шарахь йукъадоккхуш, ша даьккхинчу Указан хьокъехь вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Ахматовича элира: «ДIадаханчу бIешерашкахь а, тIаьххьарчу шина тIамехь а хилла баккхий эшамаш а, Iазапаш а лайначу, цаьрца йоьзна ерриге а халонаш шайн белшаш тIехь дIакхехьначу нохчийн зударийн сий деш, цаьрга болу ларам гойтуш, йукъадаьккхина ду и дезде». ТIеман заманахь а, машаречу хенахь а ворхIе а дайшкара схьадеанчу оьздачу гIиллакхах ца бухуш, схьабаьхкина вайн нохчийн зударий. Берриге а махко лоруш, цунах «Мехкан нана» олий, цIе йоккхуш йу Кадырова Аймани Несиевна, вайн Республикин Куьйгалхочун нана. Оьзда амал йолуш, нохчийн зудчуьнгахь хуьлу дерриге а хаза гIиллакхаш, коьмаршалла, къинхетам, адамах дог лазар шегахь долуш, мичча хенахь а нахана оьшучунна орцахйала кийча йолуш йу Мехкан нана Аймани. Хийла адамна, вайн къомах боцучарна а, ур-аттал генарчу Африкехь болчарна а тIехь, гIо дина цо куьйгалла деш йолчу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Региональни йукъараллин фондо. Цомгушниг дарбанна тIекхочуьйтуш, йоцчунна хIусам луш, мискачунна гIо деш, йуучуьнца, йухучу бедарца, дерриге а оьшучуьнца кхачо йеш, нехан хьашташка хьожуш, кху дийне схьайеана сийдолу Аймани. Иштта Аймани Несиевница цхьаьна цу Фондехь вице-президентан даржехь къахьоьгуш йу цуьнан нус, нохчийн оьзда зуда, шен цIенна беркате хIусамнана, доьзалан дика нана Кадырова Медни Мусаевна. Нохчийн зударша массо а хенахь шайгара хьуьнарш гайтина, таханлерчу дийнахь а гойтуш, схьабогIуш а бу. Вайна ма-хаъара, Украинехь бечу тIамехь дакъалоцуш бу Нохчийчуьра дуккха а кегий нах. Царах къа ца хеташ, царна са ца гатдеш, Iаш ма бац нохчийн наной. Амма дайша-наноша, махкана оьшучохь шайн синош ма кхоаде, шайгара доьналла а гайта, шайн дайша ма-гайттара аьлла, кхиийина бу уьш. Цундела, шайна мел хала делахь а, кIентий, вежарий, цIийндай тIаме а хьовсийна, цара шайгара хьуьнарш гойтург хиларх тешна Iаш бу нохчийн йахь йолу наной, йижарий, зударий. Вай даггара декъалбо нохчийн сийлахь зударий церан Дезачу денца! Ирсе а, беркате а дахар хуьлда церан! Могаш-маьрша бехийла уьш!


Ларамца,

Нохчийн Республикин йаздархойн Союзан председатель I. Ельсаев.

2022 шеран 19 сентябрь.