Селхана кхолламан беттан вуьрхIийталгIачу дийнахь Нохчийн меттан шарна лерина Хьалха Мартан тIехь Оьздангаллин цIийнарчу библиотекан чохь дIадаьхьира цхьанкхетар.Цхьанкхетар динарг вара библиотекан директор волу, Сулейманов Яхьйа.Цу цхьанкхетархь дакъалоцуш бара йаздархойн союз декьашхой,Гакаев Iарби, Закриев Iийса, Исраилов Сайхан, Сакаева Мадина а. Библиотекан белхалойша кхоччуш дика кечам бинера,цигахь бара дакъалоцуш, иштта цхьаьцца Оьздангаллийн кхерчара белхалой а.Цара дешархойшна дийцира Нохчийн маттах,иштта гIиллакх оьздангаллех лаьцна пайдехь дерш.Дешархойша лерина ла а дуьйхира, шайна диначу хьехаршка.Доккха баркалла ала лаьа и цхьанкхетар диначу, Сулейманов Яхьйан,иштта цуьнан белхлошна а!
Кхолламан беттан 18 де.
Нохчийн Республикан Йаздархойн Союзан пресс-служба.