Назад к списку

Магомадов Сулимаца цхьанакхетар

Тахана НР-н йаздархойн Союзан председатель Ельсаев Iаламахьад цхьаьнакхийтира Курчалойн кIоштан куьйгалхочуьнца, НР-н йаздархойн Союзан декъашхочуьнца Магомадов Сулимаца. Цхьаьнакхетарехь, уггаре хьалха, дийцаре дира таханлерчу нохчийн литературин хьал а, иза кхин а лакхарчу тIегIан тIе даккха дезаш хилар а.Иштта, шайн къамелехь цара хьахийра Сулиман керла книга арахецаран гIуллакх а, цу тIехь беш болу болх а.

НР-н йаздархойн Союзан пресс-служба.

2023 шеран 31 январь.