Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийначу Нохчийн меттан шарца а догӀуш, 2023-чу шеран чиллин (февраль) беттан 3-чу дийнахь, Шелан кlоштан культурин Цlийнарчу йуккъерчу библиотекехь, Шеларчу лоьмар 8 йолчу йуккъерчу школин 9-чу классийн дешархошца цхьаьнакхетар хилира кlоштарчу цхьамогlа поэтийн.
Дешархой беррише а, дукхаллин барамехь аьлча 40 сов бара. И цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера оццу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Делиева Наташас. Шаьшшиъ дистхиларца а, дакъалацархошка дешан рагl кховдорца а и мероприяти дlахьош хьалхе лелош дара: Шеларчу лоьмар 8 йолчу школин 9 «а» классан дешархо Магомадов Мохьмад-Эмий, 10 «а» классан дешархо Болатхаджиева Саидий. Оцу белхан lалашо йара: нохчийн мотт lалашбан а, шарбан а, вайн къоман культура кхиорехь къоман башхалла ларйарехь цо (матто) лелон маьlна лакхадаккха а.
Цигахь дакъалоцуш бара къона поэташ: Юсупхаджиева Аза а, Сатуева Мадина а, Матагов Ихьсан а, Минцаев lальви а, Вахабов Мохьмад а. Билгалдаккха догlу, дешархоша цигахь дакъалоцуш хиллачу поэтийн байташ йешна хилар а. Нохчийн маттах а, вайн къоман турпалхойх а, иштта кхидолчух хаттарш а дира цаьрга дешархоша, церан хаттаршна дуьззина жоьпаш а делира, царна хаа луурш а довзуьйтуш. И тайпа цхьаьнакхетарш, вайн дешархошца кест-кеста дlадахьа lалашо а йу кхидlа а.
Матагов И.
2023 шеран 3 февраль.