Назад к списку

Нохчийн меттан лерина цхьанакхетар

Тахана чиллан беттан 4-гIа дийнахь, Хьалха-марта кIоштан чу йогIуш йолу, ГIойчу (СаIдин-кIотар) олуш йолу йуьртарчу лоьмар цхьаъ йолчу, меттигарчу ишколехь дIадаьхьира нохчийн меттан лерина цхьанакхетар.Цу цхьанакхетаре кхайкхинера оцу йуьртахь бехаш болу йаздархой: Гакаев Iарби, Закриев Iийса, Исраилов Сайхан.Ишкол директор йолу Бухигова Розас, иштта цигарчу хьехархоша кхоччуш дика кечам бинера цхьанакхетаран Iалашонна.Вайн махкахь боьвзачу поэтин, нохчийн маттана лерина дуккха а байташ йийшира дешархойша, иштта цхьаьцца мехала суьрташ хIиттош кийсигаш, нохчийн хелхарш а гайтира.Йаздархоша шайн хьехамашкахь хаийтира паччахьан омарца хIара карара шо нохчийн маттана лерина хилар, нохчийн мотт кхиорехь массеран чIогIа къахьега дезаш хилар а.Йаздархоша шайга динчу хаттаршна, дикка кхоччуш жоьпаш делира дешархоша, иза цигарчу хьехархойн кхиамца хилар билгало йара иза.Массо цхьана тIаьхьа долу сурт а доккхуш дерзира цара шайн хилла цхьанакхетар.

НР-н йаздархойн Союзан пресс-служба.

2023 шеран 4 февраль.