Хьомсара ладогlархой! «Грозный» радио 105.4FM тулгlенехь оха дlайолош йу керла проект «Поэзин йийсарехь».Проектан гурашкахь НР-н Йаздархойн союзан декъашхоша, вайн ларамечу йаздархоша, йовзуьйтур йу шайн исбаьхьа байташ. Цаьрга ладогlа шун аьтто хир бу хlора шоьтан суьйранна бархl сахьт ткъе пхи минот (20:25) йаьлча. Хьалхарчу передачехь шен байташ йоьшур йу Исабаева Мадинас.«Поэзин йийсарехь» – леррина шуна! Ладогlа «Грозный» 105.4FM радиоэфирехь!
НР-н йаздархойн Союзан пресс-служба.
2023 шеран 4 февраль.