Назад к списку

Кадам

КадамНохчийн Республикин йаздархойн союзо халахетарца кадам бо Нохчийн Республикин халкъан йаздархо, литературин критик, хьехархо Минкаилов Эльбрус кхалхарца цуьнан герчаьрга а, вайн берриге махкахошка.Минкаилов Эльбрус вайн республикехь вевзаш вара литература таллархо а, прозаик а санна, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литература хьехархо санна а. Шен дахарехь нохчийн мотт а, литература а кхиарна йукъа доккха дакъа диллина цо. Иза кест-кестта зорбане вуьйлура вайн республикин а, цул арахьарчу а зорбанан гIирсашкахь, жигара дакъалоцура йукъараллин вовшахтохаршкахь а.


Минкаилов Эльбрусан хьаналчу къинхьегаман жамI хилира цо шен цIарах арахецна книгаш: «Нохчийн литературах а, барта кхоллараллех а» (нохчийн литература а,фольклор а талларан статьяш), «Терк дистина догIура» (дийцарийн а, повестийн а гулар).Иштта Минкаилов Эльбрусан исбаьхьаллин говзарш зорбатуьйхира Къилбаседа Кавказера йаздархойн йукъарчу гуларш тIехь а.


Минкаилов Эльбруса вайн литературехь а, къона тIаьхье кхетош-кхиорехь а хьегна къа билгалдоккхуш, вайн республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн цIарах иза билгалвохура грамоташций, баркаллин кехаташций, кхечу совгIаташций. Амма уггар деза а, сийлахь а совгIат дара цунна Мехк-дас Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин халкъан йаздархочун лераме цIе йалар.


Везачу Дала Шен къинхетамбинчех а, эхартахь декъала хиллачеха войла иза! Дала гечдойла Эльбрусна! Дала ийманца собар лойла цуьнан йиша-вешина а, гергарчарна а!


2023 шеран 11 май.

Нохчийн Республикин йаздархойн союзан председатель

Ельсаев Iаламахьад.