Тахана Соьлжа-ГIалара зорбанан цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, Россин йаздархойн союзан декъашхочун Магомаев Салавдин «Даймохк газет а, цуьнан журналисташ» книга йешархошна йовзийтар. Нохчийн журналистикин къаночо кхочушбинчу цу белхан лаккхара мах хадийра цу вовшахтохаре баьхкинчу йаздархоша а, журналисташа а, литература йезархоша а. Магомаев Салавдин и книга баккъал а мехала, доккхачу маьIне хилар билгалдаьккхира йаздархочо Усманов Iарбис, литературин критико Гайтукаев Казбека, Нохчийн Йаздархойн союзан председатело Ельсаев Iаламахьада, НР-н халкъан йаздархочо Аболханов Хьаькима, Арсамирзаева Асета, Юнусов Хьамзата,тиштта кхечара а. Массара а билгалдаьккхира Магомаев Салавдин кхоллараллин хьаьрмахь къахьегар нохчийн маттана а, литературина беркате хилар.
2023 шеран 6 июль.
Нохчийн Республикан Яздархой союзан пресс-служба.